Газ чохь йолу цистернаш лилхина Ножай-Юьртахь газ юхкучу станцехь. Орцаллан министраллан (МЧС) Нохчийчуьрчу урхалло бинчу хаамца, и бахьана долуш яьгна 40 йиъкIо метр майда.
Болчу хаамца, лазийна а, вагийна а, вийна стаг вац. Газ юхку станци эвлан йистехь ю, уггар дукха 400 метр уллехь бен цIа а доцуш. ЦIе дIайойоъуш дакъалаьцна 27 цӀеяйархочо.