ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туницан бердан гергахь кхелхина лаххара а 50 мухIажар


Итали -- Шайн махка гIерта мигранташ кIелхьарбохуш бу Италин орцанхой.
Итали -- Шайн махка гIерта мигранташ кIелхьарбохуш бу Италин орцанхой.

Лаххара а 50 стаг кхелхина Дуьненаюкъарчу хIорда чохь Тунисан бердана гергахь хинкема харцар бахьана долуш, хаам бо Reuters агенталло. Африкерчу пачхьалкхашкара мигранташ тIехь болу иза хилла Итале доьдуш.

Дуьненаюкъарчу мигранташкахула вовшахтохаралло бинчу хаамца, кеман тIехь хиллачу 70 стагах кIелхьарваккха аьтто баьлла 16 стаг. Орцанхошна карийна 3 дакъа.

Мигранташ тIехь болу кема арадаьлла хилла Ливин малхбузенехь йолчу Зуара портера. Цу махкара дIаоьхучу мухIажарийн терахь алсамдаьлла Триполина гонах тIемаш дуьйладелчхьана. Оханан-бутт юккъеболуш инарла Хафтар Халиф коьртехь волчу эскарша тIедуьйладелла Iедалан ницкъийн карахь йолчу Ливин коьртачу гIалана.

Дуьненаюкъарчу мигранташкахула йолчу вовшахтохаралло далочу терахьашца, 2018-чу шарахь Дуьненаюкъарчу хIорда чохь кхелхина 2300 гергга стаг а, зуда а, бер а. 120 эзар мухIажаран аьтто баьлла Европе дехьавала.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG