ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь уггар къена стаг велла Несарахь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

ГIалгIайчохь пIераскан дийнахь велла Оьрсийчоьхь уггар къена стаг Илиев Аппаз, хаам бо ТАСС агенталло. Цуьнан дара 123 шо. Дахаран тIаьххьара денош цо дIадаьхьна Несарарчу республикан клиникан дарбанан хIусамехь.

Цу клиникан коьртачу лоьран когаметто Касиева Тамарас дийцарехь, къано валах лаьцна лоьраша сихха хаам бира ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнга Евкуров Юнус-Беке.

Илиев валар хьокъехь Евкуровс "ВКонтакте" социалан машанехь йолчу шен агIонехь, "Дала къахетам болба, Дала гешт долда!", аьлла, кадам бина цуьнан гергарчаьрга. Цо яздарехь, воккхачу стага кхиийна 8 бер а, 35 берийн бер а, 34 берийн берийн бер а.

Илиев Аппаз винера ломарчу Гули эвлахь 1896-чу шарахь Зазадоккху-беттан 1-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG