Иммигранташна дуьхьал ойланаш хилар тIаьхьарчу хенахь шуьйра даьржинехь а, кхечу пачхьалкхашкахь баха ховша луучу нехан терахь алсамдолуш ду. Gallup олучу юкъараллан хетарг толлучу институто далочу терахьашца, дерриг а дуьнентIехь 750 миллион сов стаг ву ша веха пачхьалкх хийца лууш. И терахь 15 процентана алсам ду 2015-чу шарахь хиллачул а.
Уггар дукха кхечу пачхьалкхе дIабаха лууш бу Африкера нах (33%), Латинийн Iамеркера бахархой 2-чу меттехь бу (27%). Царна тIаьхьа бу Евробертана юкъайогIуш йоцчу Европерчу пачхьалкхийн бахархой (26%).
Иммиграци ян луучу нахах дукхахаболчара сатуьйсург ю Iамерка – 158 миллион стаг. Канадехь баха лууш бу 47 миллион нах.
Ала дашна, мигранташ кхача гIертачу пачхьалкхашна юкъахь ю Оьрсийчоь а. Цу махкахь баха лууш бу 8 миллион кхечу пачхьалкхашкара нах.
К слову, в списке есть и Россия, где хотели бы жить восемь миллионов иностранцев.