ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Турпалхочуьнан кошана тIехь "бомба" карийна Подмосковьехь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Подмосковьехь сапераш а, полицин а, лерринчу сервисийн а белхахой а гулбелла бомбанах тера коьчалла карийначу Николо-Архангельскан кешнашкахь, хаам бо "Московский комсомолец" газето.

Болчу хаамца, тIетесна серий а долуш, гIутакх карийна гергарчаьрна Оьрсийчоьнан турпалхочун Богомолов Александран кошан тIехь.

Полковник Богомолов "Ворон" олучу лерринчу эскархойн тобанан декъан куьйгалхо хилла вара ФСБ-н Воронежан кIоштарчу урхаллехь. Иза дакъалаьцна вара Нохчийчохь хиллачу шина тIамехь. Богомолов вийра 2016-чу шарахь Несарахь леррина операци дIахьош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG