ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан турпалхочун кошана тIера "бомба" гIирс чохь болу гIутакх хилла  


Соьлж-ГIалахь дохийначу маьждиган тховн тIерачу бусалба символшна герз хьежош ву Оьрсийчоьнан салти.
Соьлж-ГIалахь дохийначу маьждиган тховн тIерачу бусалба символшна герз хьежош ву Оьрсийчоьнан салти.

Подмосковьехь Николо-Архангельскан кешнашкахь бомба хила мегаш йолу коьчалла ю аьлла баьхкинчу саперашна кхераме хIумма а ца карийна. ТIетесна серий а долуш, гIутакх карийнера кешнийн гIаролхочун Оьрсийчоьнан турпалхочун Богомолов Александран кошана тIехь.

Говзанчаша таллам бича гучудаьлларг ду иза могIарера догIанаш а, кхин болу а гIирс чохь болу гIутакх хилар.

Полковник Богомолов "Ворон" олучу лерринчу эскархойн тобанан декъан куьйгалхо хилла вара ФСБ-н Воронежан кIоштарчу урхаллехь. Иза дакъалаьцна вара Нохчийчохь хиллачу шина тIамехь. Богомолов вийра 2016-чу шарахь Несарахь леррина операци дIахьош. Цо иштта дакъалаьцнера "Норд-Остехь" а, Бесланехь а закъалтхой маьршабохуш хиллачу операцешкахь. Цул сов ФСБ-н эпсар хилла вара Косовохь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG