ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доренко дIаволлар тIаьхьатеттина: оьшу юха а экспертиза яр


Доренко Сергей.
Доренко Сергей.

Москох Стигалкъекъа-беттан 9-чохь веллачу журналистан Доренко Сергей дIавуллуш хила еза церемони тIаьхьатеттина, цуьнан дакъа дIадолла дIадалар полицино дехкар бахьана долуш.

Цунах лаьцна хаам бина Доренко коьрта редактор хиллачу "Говорит Москва" радионо. Болчу хаамца, кIиранан буса морган белхахошна омра делла полицино, экспертиза юха ян езаш хиларна цу стеган дакъа дIадала мегар дац аьлла.

"Говорит Москва" радионо дийцарехь, и сацам бина журналистан шина йоIан Доренко Ксениян а, Екатеринин а дехарца. Цара чIагIдарехь, церан да вийна, дIовш а малийна.

Москох гIалин коьртачу судмедэксперто Шигеев Сергейна хетарехь, керла экспертиза ян оьшур ду кхо кIира.

Доренкон дара 59 шо. Мотоцикл хехкина вогIуш, вон а хилла, охьакхеттачул тIаьхьа дарбанан хIусаме дIакхачийча иза велла, кхин метта ца вогIуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG