ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Куьйгалхой хийца луучу регионийн цIераш яьхна Кремло


Регионашкара масех губернатор хийца аьлла, бахархошкара Оьрсийчоьнан президентан администрацига алсам дехарш кхаьчна, Зазадоккху-баттахь дIабаьхьначу талламашца а догIуш. Хаттам дIахьочу заманчохь тидаме эцна бахархойн мехкийн куьйгалхошка болу тешам а, церан урхалла дар а.

Халкъан тешам лахара болчу куьйгалхойн тептаре нисвелла Комин урхалхо, ГIалгIайчоьнан а, Архангельскан, Севастополан, Ульяновскан урхалхой, ишта Зазадоккху-беттан 19-чохь даржера ваьккхина Челябинскан кIоштан губернатор а, яздо РБК-с, Кремлна гергарчу шина хьостан хаамашна тIе а тевжина.

Иштта динчу зераша билгалдаьккхина, къаьсттина бахархойн тешам Москван мэрах а, Тулан, Тюменскан, Хабаровскан, Пермскан, Ненецкан, Ямало Автономийн гонийн куьйгалхойх хилар. Ишта ву цу тептарехь Нохчийчоьнан урхалхо Кадыров Рамзан а.

Цу кепара бина ларам тIечIагIбина Путин Владимира байначу беттан 26-чохь, яздо "Царьград" хьостано. Талламаш дIахьочу хенахь терго йина оцу регионашкахь бизнес лелоран а, экологехь, дешарехь лаьттачу хьелийн а, белхалойн алапийн а, бераш дуьненчу довларан статистикийн а, къоьллийн а, ишта кхи дIа а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG