ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москвара Самаре доьду Sukhoi Superjet 100 кема юхадеана


КIирандийнан буьйсанна Москвара Самаре даха новкъадаьлла Sukhoi Superjet 100 (SSJ 100) кема Шереметьево юхадирзина. Flightradar сервисо Iораяьккхина цунах информаци. Владимир гIала кхочучу заманчохь кIегардеана кема. Официалехь хиллачу инцидентех и кема долчу "Аэрофлот" компанино дуьйцуш дац.

Самаран онлайн- таблон хаамашца, SU 1206 рейс а юкъахъяьккхина. Ишта ца гIаьттина Iуьйранна ялхолгIачух ах даьлча Самарера Москва даха деза SU 1207 кема а. Пилотийн гонаха хIо хиладезачу хьолехь цахиларна Шереметьево юхадеана "Суперджет" кема аьлла, хаамбина "Интерфаксо".

Кху беттан 5-чохь Шереметьевохь, 41 стаг а леш, "Суперджет"100 кема даьгначул тIаьхьа Оьрсийчоьнан урхалло ханна дозанаш ца туьйхира оцу кепарчу кеманашна гIийтта. Делахь а "Аэрофлот" компанино шен лаамехь юкъахйоху рейсаш. ТIаьххьарчу цхьана кIиранчохь компанино ца гIаттийтина 50 гергга кема.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG