ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шереметьевохь даьгначу кеманчохь беллачийн цIераш къастийна


Шереметьевон аэропортехь даьгначу Sukhoi Superjet 100 кеманчохь беллачийн массеран а декъий девзина аьлла, хааме даьккхина "Новости" агенталло, орцанхойн урхаллан информацина тIе а тевжина.

"Молекуляран- генетикан идентификацин белхаш бирзи. Массеран а цIераш къаьстина, эксперташ тIаьххьара документаш кечдеш бу", - аьлла агенталлаца къамел динчо.

Москварчу аэропортера Мурманске доьду "Аэрофлот" авиакомпанин долара Sukhoi Superjet 100 кема Шереметьево юхадеара кху беттан 5-чохь, техникан бахьанашна.

ГIаьттина ах сахьт даьллачу хенахь лайнер къиза охьадосийнера. Лаьттах кхеттачул тIаьхьа цIе яьллачу кеманчохь вегира 41 стаг. Дийна висира 33 пассажир.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG