Соьлжа-гIаларчу полисхойн декъе даредина Грозненск кIоштарчу Пролетарское олучу эвларчу вахархочо, ахчанаш дIаоьцу 4 терминал яьстина ша аьлла. Дийцарехь, Старопромыслан кIоштара йиъ терминална къола дина цо Зазадоккху-бутт бовш а, карарчу беттан юьххьехь а. Дерриг а шен карадеанарг 84 эзар сом ду аьлла цо.
Шегара даьллачунна дохковаьлла ша, бехкхилар тIе а лоцу аьлла, дIахьедина жимчу стага. ГIуллакх кхачо йоллуш талла долийна.