ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Казанехь школехь дешархой закъалтана лаца гIоьртина кхиазхо


Шеца цхьана 10-чу классехь доьшу бераш а, хьехархо а закъалтана лаца гIоьртина Казанерчу цхьахйолчу гимназехь дешархо. ГIезалойчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло яздо, кIантаца доьшуш хиллачу йоIа дийцарехь, кхиазхочуьнгахь пневматикан тапча а, урс а хилла аьлла. ТIаьхьо къаьстина, цуьнгара тапча муляж хиллийла.

Чоьхьарчу гIуллакхийн урхалло дицарехь, 17 шо долчу кIант класс чу а веана, моханаш етташ, агрессица лелаш хилла, буйнара тапча дIаса а лестош. Школе кхиъначу полисхоша дIалаьцна иза. Оцу инцидентехь цхьанна а зен хилла дац. Кхиазхо тIелатаран бахьанаш хууш дац.

Дахначу шарахь оьрсийн школашкахь масийтта тIелатар динера. Пермехь уьрсан чевнаш йинера 15 стагна. Улан-Удэхь 9-чу классерчу дешархочо дигца лазийнера 7. Курганскан кIоштарчу Шадринскехь 13 шо долчу йоIа герз диттина лазийра 7 стаг.

Коррекцин лоьмар 1 йолчу школерчу дешархочо Охан-баттахь Стерлитамакехь лазийра информатикан кабинет чохь хьехархо а, цхьа дешархо а.

Хаамийн гIирсашкахь а, социалан машанашкахь а версеш яьржина, 1999-чу шарахь Iамеркан "Колумбайн" школехь 13 стаг а вуьйш, шина дешархочо гайтинчу ирчачу масало иракархIиттош бу и тIелатарш дийраш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG