ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненчохь уггар а дIаоьцучу бедарийн тептарехь ю хьиджаб дуьххьара


Iамеркан Nike брендо арахецна спортан хьиджаб уггар а дIаоьцучу хIуманех ю. "Лента.ру" хьостано яздо и, The Independent гIирсах пайда а эцна. Аналитикан Lyst платформас хIоттийначу рейтингехь, уггар а модехь йолчу хIуманашлахь 7-гIа меттиг дIалаьцна бусулбачийн коьрта туьллучу хIумано.

"Модан индустрехь хуьлу социалан-синбахамаллин хийцамаш билгалбоху цо. Тахана къаьсттина лакхадаьлла эцархошлахь инклюзиве духарш дIаэдар", - аьлла Lyst-ан бренд белхахочо.

Дуьххьара 2017-чу шарахь презентаци йира Nike компанино Pro Hijab цIарца йолчу коьрта туьллучу хIуман. Эластикан материалах йина, хIIаваъ чекх а долуш яра и кхаа басахь йина хьиджаб.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG