ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Белгино схьавеллачу Гехаевс тIе ца дуьту шена дохку бехкаш


Терроризмна ахчанца ша гIо дина бохург бакъ дац аьла, Белгин Iедалша Оьрсийчоьне дIавеллачу Нохчийчуьрчу вахархочо Гехаев Аслана. Цуьнан шича кхуьнгара ахча а даьккхина Шема дIавхана хилла. Гехаевна хууш дацара, цунна ахча стенна оьшуш ду бохуш, чIагIдо тешаша.

Хьалхара дов хоттуш кхелахойн ладегIарш дIадаьхьна Ростов гIаларчу Къилбаседа Кавказан тIеман кхело оршотдийнахь.

ЦIера дIасавалар а дихкина, шен цIахь латтош волу Гехаев валийра кхелан процессе. Суьдхойн версица а догIуш, иза бехкево терроризмна финансашца гIо дарна.

2014-чу шарахь Гехаевс Western Union системаца 1262 евро ахча тесна хилла шен шичина, ткъа иза оцу ахчанца турист санна Туркойчу дIавахна, цигара Шема дехьаваьлла хилла.

Гехаевс чIагIдо, цунна ахча стенна оьшуш дара ша хууш вацара бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG