ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Магасехь протесташкахь дакъалаьцна кхи цхьа жигархо а лаьцна


Нохчийчоьнца дозанаш билгалдахарна дуьхьал йолийначу протестийн кхи цхьа декъашхо Оздоев Ризван лаьцна ГIалгIайчохь. "МБХ медиа" хьостане меттигерчу "Яблоко" партин куьйгалхочо Муцольгов Руслана дийцарехь, яхначу буса дIалаьцна Оздоев, Магасехь йоьдучу митингехь ницкъаллийн структурийн белхахочунна дуьхьал ницкъ баьккхина аьлла, бехке а вина. Оцу артиклехь бехк айбинчех 25-гIа хилла Оздоев. Хьалхо 10 эзар сом гIуда тоьхнера жигархочунна протестан акцехь дакъалацарна аьлла.

Маршо Радионо ма-яздарра, Зазадоккху – беттан 26-чохь Iедалшкара бакъо а яьккхина, Магасехь митинг дIаяьхьира референдумах долчу низамна дуьхьал. Цхьана денна магийна митинг шолгIачу дийне елира. Оцу бахьанашца, оппозиционераша гIанташ а, гIожамаш а тIелестош, полисхошца тасадаларш хиллера гуламхойн. Итт ницкъахочунна чевнаш йинера, болчу хаамашца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG