"Конституцин хIоттам бохорна" аьлла, бехкевинчу 64 шо долчу Эрмалойчоьнан хиллачу президентан Кочарян Робертан дов листар долийна оршотдийнахь. Оцу артиклца а догIуш, 15 шо хан кхачон тарло цунна. Кхелан система муьтIахь йолчу керлачу Iедалхоша ша бехк боцуш юьхьарлаьцна аьлла AFP агенталле Кочаряна.
2008-чу шеран Зазадоккху-беттан 1-2-чу а деношкахь хиллачу хиламашна бехкелору Кочарян. ХIетахь протестхой дIасалохкучу заманчохь гулбеллачарлахь 10 стаг велира.
Протесташ йолийнера махкахь, коьртехь хьалхара президент а, пачхьалкхан урхалхочун харжамашкахь кандидат волу Тер-Петросян Левон а волуш, президентан харжамийн жамIаш фальсификаци ю аьлла, дIакхайкхийначул а тIаьхьа, хаамбо RFI гIирсо.
Президентан даржехь кхоалгIачу ханна хила бакъо йоцчу, Кочаряна дIахIоттийначу Саргсян Сержа толам баьккхина аьлла, дIакхайкхийра хIетахь. Кочарянна а, кхи а масех пачхьалкхан лаккхарчу даржашкахь болх беш хиллачу хьаькамна а дуьхьал долийра гIуллакх, Эрмалойчохь "бархатан карчам" хиллачул тIаьхьа.
ХIеттахь пачхьалкхан премьер-министр хIоьттира Пашинян Никол. Стохка аьхка дIалаьцна хилла Кочарян Роберт тIаьхьа йоццачу ханна маьршаваьккхира, юха а ГIуран-баттахь дIалецира.