ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лоьрийн гIо эшна хилла Мачаликашвили Малхазна


Маршо Радион гуьржийн сервисо хаамбарца, яхначу буса лоьрийн гIо эшна хилла Мачаликашвили Малхазна. Панкисин бахархоша Тбилисин цхьахйолчу клинике кхачийна, масийтта баттахь Тбилисерчу парламентан гIишлона хьалха протестан акци латтийна волу иза. "Сила в единстве" цIарца лелачу антиоккупацин боламан лидеро Кацарава Давида бина цунах хаам, Мачаликашвилигара хьал хаа веанчу.

"Клинике валийна Ваха. Вон хиллера цунна (даго хьийзош ву иза, диабет а ю цуьнан)", - яздина Фейсбукерчу шен пена тIехь Кацаравас.

ТIаьхьо Мачаликашвилигара хьал дуьйцуш, кхи цхьа пост а хIоттийнера цо. "МеттавогIуш ву Ваха, гIоле ю цунна хьалхачул а. Цхьана дийнахь мукъна а хьайн чохь Iехьа, оха шега бохушшехь, къар ца луш, парламент йолчу юхавогIуш ву иза", - яздина Кацарава Давида.

Маршо Радионо ма-яздарра, Малхазан кIант, 19 шо долу Темирлан вийра, Панкисехь ницкъахоша лерина операци дIахьочу заманчохь. ХIетахь дуьйна вийначу кIентан да Мачаликашвили Малхаз (Ваха) протестехь ву, шен кIант террорхо цахилар дIа а кхайкхадай бехкениг кхеле хIоттавар доьхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG