ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трампан Венгрин премьер-министрца цхьанакхетар емалдина демократаша


Iамеркан президент Трамп Доналд а, Венгрин премьер-министр Орбан Виктор
Iамеркан президент Трамп Доналд а, Венгрин премьер-министр Орбан Виктор

Европано бусулба мухIажирш тIеэцарца доьзна шен радикалан хьежамашца волу Венгрин премьер-министр Орбан Виктор КIайчу цIийнехь тIеэцарна Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкарчу демократаша емалвина президент Трамп Доналд. Оршотдийнахь КIайчу цIийнехь цхьанакхеттера Орбан а, Трамп а.

"Авторитаран лидершна тIерахиларна" а, "Iамеркан мехаллашна ямартваларна" а бехкбиллина Сенатерчу Демократин фракцин куьйгаллан декъахочо Дурбин Дика Трампна. Хьахийна демократаша Iамеркан президенто Путин Владимирх а, Цзиньпин Сих а, Чен Ын Кимах а, ЭрдогIан Реджепах а, саIудахойн элех Мохьаммад бин Салманах а, филлипинхочух Дутерте Родригох а хестаден дешнаш алар а.

Дуьненаюкъарчу Human Rights Watch организацино критика йо Орбанна низамаш а, Венгрехь адамийн коьрта бакъонаш хьешарна а, юкъараллийн организацешна а, кхечу пачхьалкхашкарчу гранташна тIехь йолчу лакхарчу доьшийлашна а тIаьхьабевлла леларца, ксенофобина пропаганда ярна а.

Орбане маршалла хоттуш, Трамп Доналда дIахьедина хилла: "Хьо а, со санна, жимма скандале волчух тера ду. Иза балане дац. Ахь дуккха а пайдениг дина, хьайн махкахь кхерамзалла латторхьама". Шегахьара Орбана ша резахилар дIахаийтина, "Iамеркан президентца цхьана низамехь йоцчу миграцина а, терроризмна а дуьхьал лаьтташ хиларна а, доллу дуьненчуьра керста нах Iалашбарна а".

Юккъерчу Европан пачхьалкхашца доттагIаллийн уьйраш нисъеш, Оьрсийчоьнца а, Китайца а гергарлонаш хиларх уьш ларбеш дIахьеда гIерта Трамп аьлла, билгалдаьккхина администрацин векалша.

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн секретаро Помпео Майка дIахьедина, "авторитаре Оьрсийчоьнан цкъа а безам хир бац маршоне а, кегийчу мехкийн суверенитете а".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG