Газах а, тоьках а декхарш гулдаларн коьрта бахьана - Къилбаседа Кавказехь къайлах бизнес лелош хилар ду аьлла Кавказан гIуллакхашкахула йолчу министраллан куьйгалхочо Чеботарев Сергейс. "Хуьлийла иза кибарчикаш ен, йа мехкадаьтта доккху жима индустри, йа ораматаш кхиаен чоь, къайлах латтош ю уьш, амма газ а, ток а ягайо цара. Оцу хьаштех декхар тIедужу бахархошна а, официалехь болх бечу организацешна а, индустрина а", - аьлла Чеботаревс "Новости" агенталле.
Къилбаседа Кавказехь дерриг а газах а, тоьках а тIехьаьрчина декхар ду 120 миллиард сом боху министро. Цунна хетарехь, "тIех лакхара терахь ду иза".