"ВКонтактерчу" шен пена тIехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана жоп делла Дагестанерчу dibir_boroda_05 ник лелочу блогеро, социалан машанашкахь маьттаза комментареш язъечу нохчийн кегийрхошна тIеIаткъамбар доьхуш, бинчу кхайкхамна.
Социалан машанехь стаг аьшнашвеш леларш "шайн ворхIе а дайн юьхь ларъеш, бакъболу къонахий бац уьш, божарий хилар доцург" аьлла, билгалдаьккхина Кадыровс.
"Декъаза ву, сан хьоме Вежарий – ГIалгIай а, Дагестанхой а сийсазбан ваьхьнарг! Халачу заманчохь тхоьца бепиган а, йовхонан а дакъа дина, сан хьоме лулахой а, сан бусулба вежарий а. Декъаза ву, вайн гIалгIайн вежаршка а, ах эзар шерашкахь шайн декъала хиллачу лаьтта тIехь АллахIа бахкийтинчу Пайхамарийн чалхаш Iалашъечу хьомсарчу лулахошка-дагестанхошка а боьха къамелаш дан ваьхьнарг", аьлла, яздина мехкан куьйгалхочо.
Регионан урхалхочо билгалдоккху, Кавказан бахархой массо а заманахь оьзда, комаьрша, лулахошца бертахь баьхна хилар а.