ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Медузас" яздо, Донбассехь оьрсийн паспорташ доькъуш ду аьлла


Малхбалерчу Украинера сепаратисташа шайгахь латточу кIоштийн бахархоша оьрсийн паспорташ эца кехаташ чулуш ду, Киевс контролехь латтош йоцчу пачхьалкхан дозан тIехь, Оьрсийчу дIа а ца боьлхуш. Оьрсийн Iедалхоша паспорташ дIалун пункт аьлла, цIе тиллинчу Ростовн кIоштарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан дакъошкахь чуоьцу документаш сепаратистийн Iедалхойн органашкара. Оцу регионерчу "Медузас" яздо цунах шен репортажехь.

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира байначу беттан 24-чохь куьйгъяздира, Малхбалерчу Украинехь сепаратисташа доладечу кIоштийн бахархошна оьрсийн паспорташ дIадалар аттачу доккхуш. Цул тIаьхьа пхи де даьлча паспорташ лун центр схьайиллира Ростовн кIоштахь.

Юьхьанца дийцира, оьрсийн паспорташ оьшучу Украинан бахархойн дезар ду Оьрсийчоьнан территори тIехь кехаташ чудала.

Делахь а, оьрсийн пачхьалкхан органо документаш бахархошкара схьаоьцуш дац, сепаратисташа шайн куьйгакIел латточу республикийн Iедалхошкара оьцуш ду яздо "Медуза" хьостано, белхахойн миграцин декъерчу шайн хьостана тIе а тевжина.

Украинан Iедалхой дуьхьал бу Донбассан бахархошна оьрсийн паспорташ даларна. Киевехь хьоьху, Оьрсийчоьнан паспорташ бакъ ца дар, ткъа регионан бахархошна паспорташ далар пачхьалкхан чоьхьарчу гIуллакхашна юкъагIертар ду аьлла.

Гуманитаран синкхетамца луш ду шаьш паспорташ бохуш, чIагIдо Москвано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG