ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

86 миллион соьмах цIанйийр яц Кадыровн резиденци


Кадыров Рамзанан резиденци
Кадыров Рамзанан резиденци

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан резиденци кертара а, арахьара а цIанъян кхайкхийна ши аукцион юкъахъяьккхина аьлла, хаамбина "Открытые медиа" хьостано. Дерриг а 86 миллион сом дара оцу гIуллакхна аьлла, билгалдаьккхина. Миллионашкахь долу контракт тIелаца луурш ца карийна аьлла ду аукциона юкъарадовларан бахьана.

Хьалхо кхайкхийра Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Соьлжа-ГIалара резиденци латто аьлла, 34,8 миллион юкъа а дуьллуш, кхайкхийна аукцион а, юкъахъяларх.

Лот тIехь билгалдаккхарца, "оцу ахчанах Нохчийчуьра Рубежная, Тбилисская урамашкахь а, Соьлжан хийистехь а бай а, ораматаш а цIена латтош, белхаш дIахьур бу" дара цу хаамехь яздина. Ишта, цIанъян Iалашо хиллера резиденцин майда нехех, Iалашъян бешмайда а, зезагаш а.

Кху беттан 22-чохь къаьстар долуш дара, муьлхачу организацино тIелоцур ду белхаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG