ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЕГЭ-н хеттаршна жоьпаш тIехь долу интернет-ресурсаш йихкина Роскомнадзоро


Йихкинчу информацин реестре яьккхина Роскомнадзоро ЕГЭ-н а, ОГЭ-н а экзаменашкахь хIиттийначу хеттаршна жоьпаш долу а, бина кечам а боцуш экзаменаш дIа муха ло а дуьйцу материалаш тIехь йолу 59 интернет-ресурс. Урхаллан сайт тIехь Iораяьккхина и информаци.

"Вон доьшу бераш экзаменаш дIаяла гIертачу хенахь", оцу информацин материалаша дешархочунна гIо деш хиларна, кхелан сацамца доза тоьхна аьлла, кхетадо Роскомнадзоро.

Кху шеран Стигалкъекъа-беттан 27-чохь дIаяла йолийна ЕГЭ а, ОГЭ а йоьрзур ю Товбеца-беттан 1-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG