ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шереметьевохь кема дагаран бахьанаш къастийна эксперташа


Москварчу Шереметьево аэропортехь кху беттан 5-чохь даьгначу Аэрофлотан "Сухой Суперджет 100" (SSJ I00) кемана ткъес кхетаро проблеме хьал кхоьллина, амма кхераме ситуаци ца хIоттийна. "Коммерсанто" яздо, 41 стаг а леш, хилла бохам толлучаьрца герга йолчу хьостан хаамна тIе а тевжина.

Экспертийн зерашца, кхераме хьал летчикаша шаьш дина хила тарло: кема лаьтта досочу заманчохь цара моторан болх баран раж чIагIйина хилла, цхьана хеннахь кеман мара а охьабахийтина хилла цара. Кема тIехаочу асанара кема дIаиккхинчул тIаьхьа а, иза охьахао гIертар гIалат лерина эксперташа. Оцу хьелашкахь инструкцино хьехарехь, цIеххьана айдан дезара кема боху талламбинчара. Газетаца къамел динчо бахарехь, хIинца талламчашна дисинарг ду: шина пилотах муьлхачун бехк бу къастор.

Кеманах ткъес кхеттачул тIаьхьа, генераторш дIа а яйна, аккумуляторан батарейшца болх болийна. Кема лелочу пилотийн долара даьлча а хилла иза (бохаман рожехь) дIадига таро йолуш. Бортан компьютер сецна пилотийн хила тарлу гIалаташ нисдан. Оцу хьолехь экипажо дан дезачух яздина ду "Суперджета 100" кеманах пайдаэцаран жайни тIехь.

Болх беш генераторш а йоцуш, хIаваэхь кхаза йиш ю кеман "дикка хенахь", аьлча а, герга йолчу аэродроме паргIат кема дIакхачо таро луш, чIагIдо кеманаш арахоьцучара а.

Пилоташа диспетчершца динчу къамелашца, аварин ситуаци хиларх хаамбина, амма пассажирашна кхераме кеман чохь хьал ду аьлла хаийтина дц. Цундела лаьтта охьадоьсинчул тIаьхьа догучу кемана дуьхьал баьхкина цIеяйархой а бацара, дийцина "Коммерсанте".

Кху беттан 5-чохь Москварчу Шереметьево аэропортехь даьгна Мурманске доьду пассажирийн "Сухой Суперджет" кема. Цу чохь велла 41 пассажир а, экипажан 1 декъахо а. КIелхьарваьллачу 37 стагах цхьа дакъа дарбан хIусамашкахь ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG