ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан денна леринчу барамна 2, 7 миллион ахча дайа Iалашо ю Нохчийчоьнан


Parade in Grozny

Оьрсийчоьнан денна лерина махкахь патриотикан барамаш дIабахьа Нохчийчоьнан куьйгалло тендер кхайкхийна. КарабогIучу беттан 12-чу денна леринчу оцу даздаршна 2, 7 миллион сом дойур ду. Пачхьалкхан контракт кхочушдан лаам болчо оригинале фонограммаш кечъян а еза, дезачу дийнан барам видеоца экран тIехь схьа а гойтуш.

"Фонограмма а, аз а профессионалан студехь дIаяздина хила дезаш ду. Дезачу дийнан программа дIахьош берш а хила беза говза, корматалла йолу, Нохчийчоьнан хьакъволчу артистан даржал а лахара цIе лелош а боцуш. Нохчийн духаршца, цIенна нохчийн а, оьрсийн а меттанаш хууш хила беза концерт дIахьош берш", - аьлла ду пачхьалкхан цIарах оьшург оьцучу сайт тIехь зорбане даьккхинчу документ тIехь.

Дийцарехь, республикан бюджетера ахчанах вовшахтухуш бу барам.

XS
SM
MD
LG