ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Рамзанан хIун дисина Черногорехь?


Настоящее время (Карара хан)

2016-чу шеран гурахь, терроран тохар а деш, Iедал карчо гIортарна 14 стаг бехкевина Черногорин кхело

Бехкебиначаралахь ву Черногорера кхо стаг, Сербера – исс стаг, Оьрсийчуьра ши стаг.

Ницкъан операци кечъеш хьалхаваьлла лелла шиъ Оьрсийчуьрчу ву, чIагIдо прокурораша - Шишмаков Эдуард а, Попов Владимир а. Амма уьш, шаьш зулам диначуьра бевдда хиларна, лецанза бисина, кхел йинехь а. Цара лелийна карчам кечбеш хьалхе, аьлла кхело.

Прокуратурин долчу тоьшаллашца, Шишмаков в, Попов а Черногори Атлантикан альянса (НАТО) юкъа ца яхийта араваьлла лелла. Оцу Iалашонца премьер-министр Джанукович Мило вен дагахь хилла, боху, и шиъ а, цара вовшахтоьхна гIера а.

2016-чу шеран ГIадужу-беттан 16-чу дийнан буса 11 сахьт даьлча снайперо вен везаш хилла Черногорин премьер. Махкахь парламентан харжамаш боьрзу, Iедалан парти тоьлу суьйре ю юьйцург.

Дийцарехь, Джанукович вийна шаьш девлча, полисхойн духар тIе а доьхна, йоккхачу тобанца Подгорицера Черногорин Iедалан а, парламентан а гIишлош караэца езаш хилла, боху, карчамхоша.

Лурчах аьхка долийра кхело дов листа.

Черногорерчу хьукматашна хетарехь, карчам кечбеш леллачаралахь хила тарло Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а.

Кечбеш хиллачу карчамца Кадыровн цIе дуьххьара юьйзира Черногорехь коьрта ларалучу "Победа" ("Толам") газето 2016-гIа шо доьрзуш. Цо дийцарехь, Черногорерчу бусалбанийн лидере Фейзич Рифате доьхуш хилла Кадыровс, боснийхойх лаьтта цигара парти оппозицин коалицех дIакхетийта хьажахьара, бохуш.

Дечу дехаран маьIна доьрзура Черногорехь бехачу бусалбанашка, Iедалехьа йолчу партийн коалицигахьа а ца тосуьйтуш, оппозицигахьа кхаьжнаш тосуьйтучу даккхар, дуьйцу "Толам" газето. Боснийхойн парти Оьрсийчоь къобалъечу демократийн боламах дIакхетийта гIиртина Кадыров Рамзан, тешна ду газета.

Фейзич Рифата партин къастаме, кхоже, буьллучу кхачабайтина Нохчийчоьнан куьйгалхочун лаам, амма партин доккхахчу декъо юхатоьхна иза.

Черногорин Iедало шайн махка ван дихкира Кадыровна. Персона нон грата кхайкхийначу Оьрсийчуьрчу 149 вахархочун тептара язвира иза.

Официалехь Черногорино аьлларг ду: Украинерчу агрессехь дакъалацар. Амма "Толамо" чIагIдарехь, бакъ бахьана дозу карчам бан гIортарца. Кадыров а санна, Оьрсийчоьнан вице-премьер Рогозин Дмитрий а, Кхерамзаллин Кхеташонан куьйгалхо Патрушев Николай а ваьккхира оцу тептара.

Оьрсийчоьно бакъ ца до ша Черногорера Iедал карчо гIиртина хилар. Кадыровн агIоно а бацаребо шена цигарчу прокуратуро тIебаьхьина бехк.

Оьрсийчоьнан Iедалан белхахой Черногорехь карчамбан гIоьртина бахар "орам боцу къамел ду", элира оццу муьрехь Кремлан дипломатин хьукматан дас Лавров Сергейс.

2017-чу шеран аьхка Атлантикан аьлянсе хIоьттира Черногори. Ша резайоцийла дIахаийтира Оьрсийчоьно.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Шуна муха хета Нохчийчохь "Ахмат" цIе тохку меттигаш дебар?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG