Украинан хаамийн гIирсаша Iорадаьккхина, пачхьалкхан министрийн кабинето Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш шоръярх. Экономикан министро Кубива Степана дийцарехь, дозанаш тохар хьакхалур ду кеп-кепарчу секторех. Юьйцурш ю индустрин цхьайолу сурсаташ а, минералан туьха а, юьртбахаман продукци а, транспортан гIирсаш а. Санкцийн тептаре яьккхина оцу категорера продукци Украине чуйоуьйтур яц.
Оцу юкъанна министрийн кабинето тIечIагIдина, чукхоьхьучу кхийолчу оьрсийн сурсатех Марсхьокху-баттахь дуьйна совнах мах бала безаш хилар а. ХIинца лелачу тарифашна тIекхетар бу и юкъабало мах.
Экономикан министрна хетарехь, оцу барамаша дуьхьало йийр ю "Украинера капитал шен агрессор йолчу пачхьалкхна дIа ца кхачийта а, юзур юмехкан бюджет, Украинехь арахоьцучу сурсатийн мах а бийр бу, керла белхан меттигаш а йохкур ю".