Нохчийчоьнан прокуратуран официалан агIон тIехь бинчу хаамца, туьканашкахь а, базарашкахь а юучун мехаш тIекхетаран бух толлур бу прокуратуран белхахоша.
Мархийн бутт карабеачхьана мехаш дистина бохуш, дийцаредаьккхина Интернетехь а, социалан машанашкахь а. Меттигерчу бахархоша тIечIагIдо, бежанан жижиган мах 290 соьме баьлла, устагIан жижигах доьху 400 сом бохуш. Иштта билгалдоккху, марзолгийн мехаш а хьалабовлар.
Хьалхо прокуратуран белхахоша сацийра 43 туьканахь хан тIехъялийтина сурсаташ йохкар, бахархоша социалан машанашкахь аьрзнаш динчул тIаьхьа. Администартиван жоьпалла тIедожийра йохкархошна а, долахошна а.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!