ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь лецначу берийн наной бакъонашларъярхочуьнга орца доьхуш бу


Бакъонашларъярхо Саратова Хеда
Бакъонашларъярхо Саратова Хеда

Кхааридийнахь цхьанакхетар хилла Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран Алханов Русланан а, бакъонашларъярхочун Саратова Хедин а Соьлжа-гIалахь. Террорхойх дIакхета арабевлча, полисхоша дIалецначу кегийрхойн кхолламех дийца Iалашонца дара шайн цхьанакхетар аьлла Саратовас.

Дахначу оршотдийнахь дийца даьккхира, байначу баттахь а, кху деношкахь а ницкъахоша гIаттамхой бу аьлла, кегийрхойн тоба дIалацарх. Бакъонашларъярхочо дийцарца, цуьнга орца дехна лецначийн гергарчара а, юьртахоша а. Шайн берийн бехк хиларх мукIарло до цара, амма доьху царна гечдар аьлла Саратовас.

"Сан кара кхаьчна дIалецначу берийн гергарчара а, церан юьртахоша даийтина кехат. 200 сов куьйгъяздина оцу кехатна буха. Оцу бахьанца цхьанакхеттера со Алханов Русланца. ДIалецначу кегийрхойх а, полисхойн лелар а дийцаредира оха. Дайша а, наноша а шайн бераш юхадерзадар доьху шайн хIусамашка, тIейогIучу хенахь шаьш меттахIиттор бара уьш боху", - дийцина бакъонашларъярхочо "Чечня Сегодня" агенталле.

Ишта Саратовас бахарехь, мехкан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане а цхьана гIо доьху берийн гергарчара. Цара дехар до, шаьш шайн бераш нисдан хьовсур дара, шогаллица царна кхелаш ма яхьара аьлла.

Министро билгалдаьккхина, тIекхуьучу кегийрхошца кхетош-кхиоран болх совбаккха а беза, цхьаболу полисхой шайгарчу бакъонел а совбуьйлуш хилар а магийта мегар дац аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG