ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Левада-центр": 65 % оьрсийн бахархойн охьадиллина ахча дац


Оьрсийчуьрчу 65 процент доьзалан тIаьхьалонна аьлла, охьадиллина ахча дац, и терахь хийцалуш дац 2012-чу шарера схьа дуьйна аьлла ду, "Левада-центран" социологаша бинчу талламийн жамIаш. Ахча гулдан таро ю лаккхара алапаш долчу хIусамехь. Доккхачу декъанна уьш бу яккхийчу шахьарашкахь бехарш.

Ишта эксперташа тергоне эцна, ахча IаIо зама ю хIара аьлла хетий-те Оьрсийчоьнан бахархошна. 32 процент респонденташа зама дика яц аьлла. Дика ю, йа вон зама ю ала ца хаьа шайна аьлла, соцунгIа дIахьедина 38 %. Позитиве жоп делла 21 процент хаттамбинчара.

30 процент бахархошна хетарехь, ахча охьадилла беркате ца го царна тIедогIу шо а. Токхе хила а, ца хила а тарло аьлла, шеконашца жоп делла 44 проценто а.

Хаттамехь дакъалаьцначу 11 процентна хетарехь, 2020-гIа шо гIоле хила тарло карарчу шарел а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG