ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIеман заманахь лаьттах доьллина герз карийна Нохчийчохь


Нохчийчуьрчу Хьалха-Мартан кIоштан хьаннашкахь лаьттах доьллинчу герзан къайле яьстина полисхоша аьлла, информаци яржийна регионерчу тIеман комендатурехь. Хетарехь, оцу кIоштахь леллачу тIемалойн хиллачух тера ду даьккхина герз.

"Хьулйинчу къайленехь карийна гранатометан патармаш а, тротилан шашканаш а, куьйга лоьлхуьйтурш ен компоненташ а, гранаташ а, ишта тIеман кхиболу гIирс а" , - аьлла, дийцина "Кавказский узел" агенталле Нохчийчуьрчу тIеман комендатуран векало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG