ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIажарийчоь бахьана долуш Иракъера шен векалт арайоккхуш ю Iамерко


Багдадерчу шайн векалтера белхахойн доккхахдолчу дакъана эвакуаци йина Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа, хаамбо Reuters агенталло. ГIажарийчоьно лелориг бахьана долуш, белхахойн кхерамзалла Iалашъярхьама бина ишта сацам, чIагIдо Iамеркан пачхьалкхан департаменто. Дипломатин миссин белхахой боцурш а, Iамерко ишта юхакхайкхина Иракъан къилберчу курдойн автономин провинцин Эрбил гIалахь йолчу консулаллан персоналан цхьа дакъа а. Даймахка дIахьовсийначу Iамеркахойх кхи совбаьккхина хаам бац.

Оцу юкъанна, Германино а, Нидерландаша а Iамораш юкъахдаха сацамбина, регионехь хIоьттина чолхе хьал бахьана долуш. Бундесверан векалийн а, Нидерландашкарчу тIеман ницкъийн а дIахьедаршкахь бу цунах хаам. Германин 160 салти ву Иракъехь. Эрбилна гена доццучехь Багдадан регионехь куп тоьхна цара. Нидерландхойн 50 гергга эскархо ву цигахь. Эрбилехь ницкъахой Iамош, шайн декхарш кхочушдо цара.

Iамерко бина сацам "психологин тIеман" тактика ю аьлла Тегеранан векалша. Ишта цара дIахьедина, шайн пачхьалкхера цхьана а кепара тIеман кхерам бац аьлла.

Вашингтонан а, Тегеранан а риторика мухха елахь а, дерриг а диканца доьрзур ду аьлла Иракъан премьер-министро шинаридийнахь. Де хьалха Iамеркан президенто Трамп Доналда дIахьедира, 100 сов салти Гергарчу Малхбале хьажо таро ю пачхьалкхан аьлла. Ишта хаамашкахь дуьйцура, ГIажарийн айме йоьдуш ю Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн ТIеман-хIордан тохарш дечу кеманийн тоба аьлла.

Хьал ира лаьтта Тегеранна дуьхьал Iамерко санкцеш карлаяхарца. ГIажарийчоьнан экономикан хьал эшамехь ду оцу бахьанашца. Цунна дуьхьал 2015-чу шарахь ша тIелаьцна зарратан бертах цхьадолу декхарш кхочушдан дуьхьал хилира Тегеран. Берта юкъара елира стохка Iамерка а. Евроберто кхайкхамбира шина а аогIоне, барт ларбар доьхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG