ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинан президентан Зеленский Владимиран инаугурацин де билгалдаьккхина


Украинан керла президент Зеленский Владимир
Украинан керла президент Зеленский Владимир

Карарчу беттан 20-чохь дуьйна Украинан президентан декхарш кхочушдан волалур ву Зеленский Владимир. Еаридийнахь 315 депутат реза а хилла, Лакхарчу Радас сацам тIеэцна, инаугураци хинйолу де билгалдоккхуш. Президентан харжамийн шолгIачу этапехь Зеленскийс толам баьккхинчул тIаьхьа дуьйна къийсарш дара инаугурацин денна гонах долийна. Керлачу президенто церемони кху беттан 19-чохь хилийтар дехнера.

Цхьа могIа депутаташа хьоьхура беттан 28-чу дийнахь , йа Мангал-беттан 1-чохь хилийта бохуш. Порошенко Петран агIончашна бехкбиллира Зеленскийс, ша даржехь чIагIвар дIатеттарна, делахь а эххар а Порошенкон агIончаша парламентехь кхаж тесира хан кхи тIаьхьа ца тоьттуш.

Эксперташа бахарехь, кху бетан 27-чу кхачале президентан бакъо ю Лакхара Рада дIахецна, хенал а хьалха юха харжамаш дIакхайкхо. Ткъа и хан чекхъяьллачул а тIаьхьа ишта аьтто хир бац цуьнан.

Зеленскийс аьллера, Рада дIахеца бакъо шега кхача лаьара шена, амма бIо ца булу, оцу бакъонах пайдаоьцур бара ша аьлла. Парламентехь хIинца болчу хIоттамехь Зеленскийн шен фракци яц.

Инаугурацехь президенто чIагIо йо Украинан халкъана ша тешаме хир ву олий, дуьхьал президентан Iедалан символ – чхьонкар ло цуьнга.

Шоумен Зеленский Владимир шоу-бизнесехь ву. 73 процент кхаьжнаш а кхочуш, Украинан президентан харжамашкахь толам баьккхира цо шолгIачу турехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG