ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Терроризмна бехкевина лаьцна гIалгIайн депутатан кIант


Байначу беттан тIаьххьарчу деношкахь Москварчу Дмитровехь гIалгIайн депутатан Мамилов Закрин кIентан хIусамах хьовсарх керла информаци гучуяьлла. "Кавказ.Реалии" портале парламентхочо дийцарца, шина баттана дIалаьцна цуьнан кIант "терроран акт" аьллачу артиклна бехкевина.

"Карарчу заманчохь Кашир гIаларчу СИЗО-хь латтош ву иза. ДIасавалар а доьхкуш, иза цIахь витийта гIиртира тхо, амма цунах аьтто ца белира. Цхьа тамашен хьийзара и суьдхо - цхьангга а ладугIуш вацара, адвокаташ юкъахбохура дуьйцучуьра, эха минотехь ойла а йина, тIеийцира цо сацам. Адвокаташ а бара цуьнан леларх цецбуьйлуш. Цундела цхьамма нах тIаьхьабаьхча санна хета суна. Ас лелочу политикан гIуллакхашца доьзна ду хIара гIуллакх ала тар ца ло со, амма шеконаш ю", - аьлла Мамиловс.

Депутата бахарехь, цуьнан кIант кхиъна ваьлла жимстаг ву. ГIишлошъяран компанехь болх а беш, иза Подмосковьехь веха дикка хан ю. "Зуда а ю цуьнан, 6 бер ду. Цуьнах хIун террорист хир ву, даим а болх беш хилча? Узбекаш, таджикаш бара цуьнца балхахь, цаьрца уьйраш а яра цуьнан. Байначу баттахь цуьнан цIийнах хьовсучу заманохь цхьа хIума ца карийна чохь. Со кхеташ-м вац, хIун шеконаш кхоллаеллла цунах лаьцна", - аьлла Мамиловс.

Ишта цо бахарехь, гIишлошъечохь цуьнан кIантаца болх беш хилла Юккъерчу Азера мигрант а, цуьнан воIан лулахо а дIалаьцна хилла оццу артиклца бехке а вина. "Москван кIоштахь верриг а лаьцнарг 7 стаг гергга ву. Вовшийн бевзаш, уьйрашкахь хилла уьш, суна хаарехь", - аьлла, дийцина портале Мамиловс.

"Фортанга.орг" хьостано дийцарехь, ГIалгIайчохь тIаьххьарчу беттанашкахь хуьлучух шен чIагIо йоллу позици а йолуш, ша мехкан куьйгалхочунна реза цахилар диллина дIахоуьйтучу депутатех ву Мамилов. ГIалгIайчоьнан Конституцин кхело гIалгIайн а, нохчийн а дозанех барт низамехь бац аьлча, мехкан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек ваьллачу Оьрсийчоьнан Конституцин кхелехь вистхилла а ву депутат Мамилов Закри.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG