Европан кхело сацамбина, нагахь даймахкахь мухIажирна кхерам белахь, къиза зуламхо иза велахь а, Евробертан пачхьалкхера цунна экстрадици ян мегар дац аьлла. Шога зулам цунна догIуш делахь а, тховкIело ехначу махкара арваккха мегар дац иза боху цара. Дахначу шинаридийнахь Европан Кхело тIеэцна цу кепара сацам. ТховкIелонах ваккхахь а, Евробертан низамашца цунна бакъо яла туьгуш дацахь а, Iалашъян еза мухIажиран бакъо, мигрантийн статусех Женеван Конвенцино еллачу тароне хьаьжжина аьлла, хьесап дина Люксембургерчу суьдхоша.
Европан кхело листа долийна, Белгехь а, Чехехь а къиза зуламаш лелийна аьлла, кхел йинчу мигрантан статус йоьхучу кхаа вахархочун гIуллакх. Оцу шина пачхьалкхо дуьхьало йина цу шинна политикан тховкIело яла.
Евробертан цхьахйолчу пачхьалкхан вахархочун бакъо йоцуш, амма шен махкахь Iедало хьийзош волу стаг, Женеван конвенцица а догIуш, мухIажир санна тIеэца везаш ву, формалехь цунна статус ца лахь а аьлла бу кхелахойн сацам.
Ишта кхелан сацамо билгалдаьккхарца, нагахь санна стаг шегарчу мухIажиран статусах ваьккхина велахь, йа цунна иза елла яцахь, цунна ца кхочу мухIажиран статусо луш йолу бакъо.