Дукха хан йоццуш Украинин президенто низам тIеийцира, украинахойн мотт цхьаъ бен пачхьалкхехь хир бац аьлла. Оццу хенахь, Узбекистанерчу интеллигенцино кхайкхам бина оьрсийн маттана официалан статус ло аьлла.
Узбекистанан Iедалан векалша хIинцале а сихонца жоп делла интеллигенцино хьахийначун. Премьер-министро дIахьедар дина, "тоха а тоьхна, ша дIахецча иза лалур дара шега, амма ненан мотт хьебеш синтеме хьежа ца ло" ша аьлла. Халкъан дешаран министро билгалдаьккхина, шен култура а, мотт а база Iама дезар ду, цул тIаьхьа бен ладоьгIийла дац кхечунна тIехь кхиам хиларе аьлла. Ткъа журналистикан университетан ректоро дIахьедар дина "и хан дIаяхна, Советаш а дIаевлла, Советан Пачхьалкхана сагатдан оьшуш дац" аьлла.
"Настоящее время" портало дуьйцу карарчу хенахь хIун статус ю оьрсий меттан Советан Союзана чуйогIуш хиллачу пачхьалкхашкахь.
Пачхьалкхан мотт – мехкан низамо билгалбаьккхина мотт, низамаш дохуш а, документацехь а, кхелашкахь а лелош болу а, гербан а, байракхан а, гимнан а санна пачхьалкхан символан статус йолу.
Официалан мотт лелабо пачхьалкхан сферехь, амма цуьнан статус билгалъяьккхина ца хила а тарло низамийн барамашца.
Къаьмнаша тӀекере еш лело мотт – и мотт лелабо цхьана пачхьалкхехь бехачу тайп-тайпанчу къаьмнийн векалша. Иштта статус яра оьрсийн меттан хиллачу Советан Союзехь.
АЗЕРБАЙДЖАН
Оьрсийн меттан ша-тайпа статус яц, пачхьалкхан статус йолуш ьу азербайджанийн мотт. Амма махкахь болх беш ю оьрсийн маттахь 300 сов школа. Дешаран министраллан хаамца, лаккхарчу доьшийлашкахь 70% Iилманан дакъош Iамош ду оьрсийн маттахь.
ЭРМАЛОЙЧОЬ
Оьрсийн меттан билггал статус яц. Пачхьалкхан мотт бу эрмалойн мотт. Дешар Iамадо лаккхарчу дешаран меттигашкахь эрмалойн маттахь.
БЕЛАРУСИ
Оьрсийн мотт – беларусийн меттаца цхьаьна пачхьалкхан мотт бу оьрсийн мотт. Оьрсийн мотт коьртера меттиг дIалоцуш бу махкахь, дешаран системехь а цхьаьна.
ГУЬРЖИЙЧОЬ
Оьрсийн меттан билгалъяьккхина статус яц. Пачхьакхан мотт бу гуьржийн мотт. Школашкахь а, лаккхарчу дешарийн меттигашкахь а Iилма Iамадо гуьржийн маттахь. Гуьржийчоьнан сепаратистийн регионаш яц цу юкъахь.
КАЗАХСТАН
Пачхьалкхан мотт бу казахийниг. Оьрсийн мотт официалан бу. Пачхьалкхан вовшахтохараллашкахь а, меттигерчу Iедалан урхаллашкахь а казахийн маттаца цхьаьна официалан кепара лелош бу оьрсийн мотт.
ГIИРГIИЗОЙЧОЬ
Оьрсийн мотт официалан бу. ГIиргIизойн мотт пачхьалкхан бу. Документашкахь а, гIаланашкахь юкъараллин меттигашкахь а дукхахьолахь лелош бу оьрсийн мотт.
ЛАТВИ
Оьрсийн меттан официалан статус яц. Пачхьалкхан мотт бу латышийн мотт. 2018-чу шарахь низам тIеэцна, 2021-ра шо чекхдаьлча дуьйна дIа ерриг а юккъерчу школашкахь дешар латышийн маттахь хир ду аьлла. Карарчу хенахь оьрсийн мотт лелош бу цхьамогIа долахь йолчу школашкахь.
ЛИТВА
Оьрсийн меттан низамо билгалъяьккхина статус яц. Пачхьалкхан мотт бу литвахойн мотт. Лерринчу оьрсийн классашкахь Литварчу юккъерчу школашкахь доьшуш бу 4% дешархой. Литварчу школашкахь оьрсийн мотт Iамабо кхечу пачхьалкхийн меттанашна юкъахь.
МОЛДОВА
Оьрсийн меттан официалан статус яц. Амма Гагаузин кIоштахь пачхьалкхан урхаллаш вовшашка хьежочу документашкахь оьрсийн мотт лелош бу гагаузийн а, румынийн а меттанашца цхьаьна.
Йозуш йоцу пачхьалкх санна къобулйина йоцчу Приднестровьехь официалан статус йолуш бу оьрсийн а, румынийн а, украинахойн а меттанаш.
ОЬРСИЙЧОЬ
Пачхьалкхан мотт бу оьрсийн мотт. Оьрсийчоьнан Федерацина чоьхьарчу республикийн бакъо ю, оьрсийн маттаца цхьана шайн пачхьалкхан меттанаш билгалдаха.
ТАДЖИКИСТАН
Къаьмнаша тӀекере еш лело мотт бу оьрсийн мотт. Цуьнца цхьаьна пачхьалкхан мотт бу таджикийн мотт. 2009-чу шарахь кхузахь низам тIеийцира, Iедалан органашка кехат дохьуьйтуш лело мотт пачхьалкхан (таджикийн) мотт хир бу аьлла. Цул хьалха схьаэцара оьрсийн маттахь долу кехаташ.
ТУРКМЕНИСТАН
Пачхьалкхан мотт бу туркменийн мотт. Туркменистанехь цхьа школа ю оьрсийн маттахь дешар Iамош, ткъа иштта Ашхабадехь а, кхин йолчу кIоштийн центршкахь а оьрсийн классаш ю школашкахь.
УЗБЕКИСТАН
Оьрсийн меттан официалан статус яц. Узбекийн мотт бу кхузахь пачхьалкхан лоруш болу мотт, каракалпакийн меттаца цхьаьна. Амма кхузахь 900 сов школа ю оьрсийн маттахь дешар долуш. Цул сов оьрсийн меттан кафедраш ю лаккхарчу доьшийлашкахь. Узбекистанехь ю оьрсийн мотт лелон берийн бешаш. 34 пачхьалкхан урхаллехь документаци лелайо оьрсийн а, узбекийна меттанашкахь.
УКРАИНА
Оьрсийн меттан низамца билгалъяьккхина статус яц. Пачхьалкхан мотт бу украинахойн. Иза лело безаш бу лаккхарчу дешаран меттигашкахь а, пачхьалкхан школашкахь лакхарчу классашкахь а. Вуьштта, дахарехь оьрсий мотт лелаш бу дуккха а малхбалера а, къилбера а кIошташкара бахархой.
ЭСТОНИ
Оьрсийн меттан статус билгалъяьккхина яц Эстонехь. Пачхьалкхан мот бу эстонийн мотт. Цигахь болх беш ю цхьана декъана оьрсийн мотт лело 70 школа. Амма цу школашкахь эстонийн маттахь хила езаш ю 60% урокаш, ткъа йисина 40% урокаш хила магош ду оьрсийн маттахь.
Авторш: Ярмощук Татьяна, Агеев Михаил