ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Магасехь митингехь хилла ву аьлла кхи цхьаъ а дIалаьцна ГIалгIайчохь


I

Магасехь хиллачу митинган рогIера декъашхо лаьцна ГIалгIайчохь. Де хьалха Сунжера Аушев Аслан ша тIевеана хиллера Сунжа кIоштан полисхойн декъе, ша тIевехча. Административан низам дохорца доьзна хир ду къамел аьллера цуьнга. Цигара Магасан кIошта кхеле а вигира Аушев, Зазадоккху-беттан 26-чохь митингехь хиларна гIуда тухур ду аьлла. Кхелан хIусамчуьра Аушевс телефон тоьхна шен гергарчу нахе, ша Нальчике дIавуьгуш ву, Iедалхойн векална дуьхьало йина аьлла, дийцина "Кавказ.Реалии" портале меттигерчу "Яблоко" партин куьйгалхочо Муцольгов Руслана.

"Билггал хууш дац, кхело сацам тIеэцний-те, цунна гIуда тухуш", - аьлла, билгалдаьккхина Муцольговс. Бехкзуламан гIуллакх диллинчу "ГIалгIайн гIуллакхна" юкъахь хIинца вовшахкхеттарг 26 стаг ву. Уьш берриш а Налчикехь а, Баксанехь а, БуьритIехь а латтош бу.

Лецначарлахь бу протестийн хьалханчаш – Мальсагов Муса, Чемурзиев Барах, Ужахов Малсаг, Хаутиев Багаудин, жигархой Кациев Хьасан, Беларусино депортаци йина Нальгиев Исмаил, спортхо Плиев Муса, муфтийн Хамхоев Iийсан вешин ши кIант, ишта митингхой Томов Зеламха а, Оздоев Ризван а, Добриев Або а, Дугиев ИбрахIим а, ишта кхи дIа а.

Бехкебинчарлахь цхьаберш Зазадоккху-беттан 26-чу дийнахь митингехь хилла а бац. ГIебарта-Балкхаройчуьрчу адвокато Урусова Фатимас дийцарехь, цо Iалашвен Мужухоев ИбрахIим митинг йоьдучу дийнахь некъан бохамехь лазийна хилла, дарбан цIийне а кхачош. Карахь лоьрашкара тоьшаллаш а ду цуьнан, амма хIетте а лаьцна латтош ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG