ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн ницкъахоша кIант вийначу нанас компенсаци йоьху Оьрсийчоьне


 Victims of Torture
Victims of Torture

Ницкъаллийн структурашкарчу белхахоша йиттина, кIант вийна ГIалгIайчуьра 78 шо долу Долиева Лемка Магасан кIоштан кхеле яьлла. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера 15 миллион компенсаци тIейожор доьху зудчо. "Кавказ.Реалии" портале бина цунах хаам зудчун адвокато Сабинин Андрейс.

2016-чу шарахь ницкъахоша йиттина вийра 50 шо долу Долиев Мохьмад ГIалгIайчоьнан экстремизмна дуьхьало латточу центран гIишло чохь. Оцу гIуллакхан хьокъехь дIалецира регионерчу "Э" Центран куьйгалхо Хамхоев Тимур а, цуьнца цхьана пхи полисхо а, ишта къайлахчу сервисийн цхьа белхахо а. Талламан версица, Азербайджанерчу вахархочунна йиттинера цара, цул тIаьхьа цуьнгара Audi A6 машен а, мобилан телефон а дIаяьккхинера. Ишта декхаревинера иза 800 эзар сом дала, нагахь санна бахам юхабезахь шен.

ТIаьхьа талла даьккхича, нахана тIелатарш дар, шайна даржо лучу бакъонел а тIехбийлар, къизаллаш лелор аьллачу артиклашкахь бехкаш дехкира царна. Ишта гучуделира шаьш вийначу Долиевна а, цуьнан хIусамнанна Точиева Маремна а тIехь цара ницкъбина хилар а. ГIуллакх толлучу заманчохь тIекхийтира кхи а Iазапаш лелийна эпизодаш.

Стохка аьхка кхелахоша сацамбира: "Э" Центран хиллачу куьйгалхочунна Хамхоев Тимурна 7 шо, цуьнан гIовс лаьттинчу Хандогин Сергейна 3 шо, Центран белхахошна Аспиев Iийсана а, Безносюк Андрейна а 5, 5, - 6 шераш, Беков Алиханна 10 шо, Сунжа кIоштан полицин декъан хьаькамна Беков Мохьмадна 3 шо, ФСБ-н белхахочунна Цороев Мустафана 5 шо хенаш тухуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG