ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхерамазалла цахиларна WhatsApp-на критика йо Telegram-ан долахочо


Дуров Павел.
Дуров Павел.

Telegram мессенджер кхоьллинчу миллиардеро Дуров Павела ондда критика йина шен конкурентана WhatsApp-на, кхерамаззала ца ларъярна а, Iамеркан Федералан Талламан Бюроца цхьаьна болх барна а. Еарин буса цо артикл арахецна "ХIунда хир яц WhatsApp цкъа а кхерамазалла йолуш" аьлла.

Иза язъяран бахьана дара кху кIиранах, зIе а тоьхна, WhatsApp "кагъян" аьто хилар гучудалар. Кхерамна кIел хIоттийнера 1,5 миллиард и мессенджер лелош волу стаг. ХIакеран тIелатар динарг хила мегаш ю хьалхо бакъонашларъярхойн компьютершна чуяьлла компани.

Шен материалехь Дуровс дагадоуьйту WhatsApp-на хIакерша хьалха а цу кепара тIелетарш дина хилар. Цунна иштта хета, WhatsApp кхоьллинчу наха хакершна тIелетарш дан леррина меттиг буьтуш бу аьлла, ФБР-н дехарца, хIунда аьлча компани Iамеркехь куп тоьхна йолун дела (Telegram-ан тоба дукха а хенахь Петарбухехь болх беш яра, ткъа цуьнан офис схьайилина СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхехь).

"Тамашийна а дац диктаторшна WhatsApp дика хеташ хилар. Цуьнан кхерамазалла ца хиларо аьтто бо церан, шайн халкъанна тIаьхьа шпионалла лело, цундела WhatsApp-е болх бойтуш бу, Telegram йихкинчу пачхьалкхашкахь", – яздо Дуровс.

Дуров Telegram кхолла вовлавелира 2012-чу шарахь "ВКонтакте" социалан маша кхуллуш болх бинчу говзанчашца цхьаьна. "ВКонтакте" а яра цо кхоьллина. Дуровс куьйгалла дечу хенахь оцу социалан машанна бехкаш дахкара, Оьрсийчоьнан президентан администрацина иза болх беш ю бохуш. Цул сов "ВКонтакте" бехке еш ю Федералан кхерамазаллан сервисца (ФСБ-ца) болх барна.

Telegram Оьрсийчохь официалан кепра дIакъевлина лоруш ю стохка Оханан-баттахь дуьйна, иза ФСБ-н белхахошна цу мессенджеран шифран догIанаш дIадала реза ца хиларна. Амма Telegram тахана а гIоза-деъкал болх беш ю Оьрсийчохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG