ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерко санкцеш тоьхна Висмурадовна а, Геремеевна а, "Терекна" а


Умаров Джамбулат а, Висмурадов Абузайд а
Умаров Джамбулат а, Висмурадов Абузайд а

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн министралло бинчу хаамца, "Терек" СОБР-ан командир Висмурадов Абузайд ("Патриот") а, "Север" батальонан хиллачу хьалханчан гIовс Геремеев Руслан а "Магнитскийн" санкцийн тептаре ваьккхина. Ишта санкцеш хьакхаелла йоллу "Терек" батальонах а. Тептарехь билгалъяьккхинарг пхи цIе ю. Цул совнах, санкцеш юкъабахийтина: Карлов Геннадий а, лоьмар 7 йолчу колонин хилла хьаькам Коссиев Сергей а, Трикуля Елена а.

Мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Висмурадовга а, парламентан спикере Даудов Мохьмаде а, чоьхьарчу гIуллакхийн министре Алханов Руслане а, Думан депутате Делимханов Адаме а Iамерко царна дуьхьалъяьхначу санкцех хоьттуш нохчийн "Грозный" телеканалан Инстаграмерчу официалан сайт тIехь видео Iораяьккхина. Хезаш ду церан бийлар.

"Магнитскийн низам" тIеэцна 2012-чу шеран ГIуран-баттахь. Конгрессан декъашхошна хетарехь, адамийн бакъонаш хьоьшуш, коррупци лело Оьрсийчоьнан бахархой бу цу тептаре бохурш.

Оппозиционер Немцов Борис вер толлучу гIуллакхан декъехь вуьйцура Геремеев Руслан. Вийначу политикан гергарчара мел дукха бахарх а, теш санна иза леван аьтто ца белира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG