ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юьхьанцарчу классашкахь хьиджаб лелор дихкина Австрехь


Юьхьанцарчу классашкахь хьиджабаш лелор доьхкуш низам тIеэцна Австрин парламенто. Курц Себастьянан пачхьалкхан халкъан парти а, Австрин аьтто радикалан маршонан парти а тIетайна низаман проектна. Документ тIехь билгалдаккхарца, динан, йа идеологин корта хьулбен духар ду дихкинарг. Дехкар хьакхалуш дац жуьгтийн кипех а, берийн коьрта туьллучу сикхех а. Цара коьртара месаш къайла ца йоху.

Австрин Iедалша кхоазза парламенте листа кховдийнера и низаман проект. Документна тIетайначу депутаташна хетарехь, оцу низамо гIо дийр ду бусулбачийн зудаберашна Австрин юкъараллехь интеграци ярехь. Оппозицин векалша дIахьедина, Iедалхоша айинарг популизм ю, оцу некъашца луьстуш дац интеграцин а, дешаран а хеттарш аьлла.

Нагахь санна тIеэцна низам ца лардина меттиг нислахь, 440 евро гIуда тохар юкъадалийна. Конституцин кхелехь латкъамбан таро ю оцу низаман. Парламентан сацам шаьш къовсур бу аьлла хIинцале а дIакхайкхийна Австрерчу бусулбачийн диаспоро. Царна хетарехь, низамо латториг дискриминаци ю бусулба нахаца.

2017-чу шеран ГIадужу-баттахь дуьйна болх беш ду Австрехь нах гуллучу меттигашкахь юьхь хьулъяр доьхкуш тIеэцна низам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG