"Терек" СОБР-ан хьалханча а, "Север" батальонан командиран гIовс лаьттина Геремеев Руслан а Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа санкцийн тептаре бахарх комментарий йитина Нохчийчоьнан Iедалхоша. "Магнитский стенгахь ву, Нохчийчоь стенгахь ю? Стенна юзуш ю "Терек" Магнитскийх? - ца кхета Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. – "Терек" уггар а тоьллачех, дуьненчохь терроризмца а, экстремизмца а къийсам латточех дуккха а зеделларг а долуш ма ю. Нагахь санна, Iамеркехь лакхарчу тIегIанехь "Терек" а, Висмурадов Абузайд а вуьйцуш велахь, тешам боллу тоьшалла ду-кх иза, сила йолчу Iамеркана гена йолчу жимачу Нохчийчоьнах Штаташ кхоьруш хиларан".
Регионан куьйгалхочо бахарехь, боллу цуьнан агIончаша "сацам тIеэцна, шаьш дерриш а санкцийн тептар юкъа дахийтар деха".
"Официалехь дIакхайкхадо и йозанаш дечарна дIахаийта, шу дерриш а ду шуна тхан тептаршкахь! – яздина Кадыровс Телеграмехь. – Бакъду, Iамеркан а, Европан мехкашкарчу могIарерчу бахархошна Нохчийчу неIарш даимна а шуьйрра йиллина ю. Ткъа тхох мостагIий дечаьрга боху ас, нагахь санна къонахчун битамаш шайца белахь, дуьйлийша тхо долчу, оха суьрташкахь дуьллур ду шуна Магнитскийн тептар. Доллу шайн дахарехь дагахь латтийта а, шайн берийн берашна цунах дийцийта а".
Нохчийчоьнан праламентан спикеро Даудов Мохьмада шен позици йовзуьйтуш Iамеркан социалан машане Инстаграме ваьлла. Малхбузен тептаршкахь болчийн клубе иза тIеэцарца, маршалла хотту цо Висмурадовга.
"ХIун дер, олуш ма-хиллара, марша вогIийла "вайн клубе!" Хьомсара ВАША "Патриот"! Хьо даим а хилла а ву, вуьсур а ву бакъболчу патриотийн а, даймохк ларбархойн а тобанехь. Хьан цIаро а во хьо декхаре ишта хила. ХIинца Iамеркан Госдепна а хиина иза", - билгалдаьккхина Даудовс.
Пачхьалкхан Думан депутата Делимханов Адама бахарехь, "цунна дуьсург ду, хIун Iалашонаш ю-те Iамеркан", Кадыровн агIончаш долчу оха "даггара дозалла ма до Нохчийчоьнан къоман интересийн гIаролехь лаьтташ, Оьрсийчоьнан йозуш ца хилар а, суверенитет ларъеш долу тхо, муьлххачу санкцешна юкъа дахийтинехь а" бахар.