ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Блогер Тумсо: "Хьан цхьа а ца вийна тIамо, Кадыров"


Tumso Abdurakhmanov videograb
Tumso Abdurakhmanov videograb

Интернетехь шена критика ечаьрга махкарчу тIамехь чуьра стаг веллачу бахархойн хIусамашкахула чекх а буьйлуш, цаьрга хатта, шуна тIом оьший аьлла, хьалхо кхайкхам бинчу Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна жоп делла оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос. Шен чуьра истори йийцина блогеро. 2001-чу шарахь цуьнан воккхахволу ваша вийна оьрсийн эскарша, вешин кIант вийна 2000-чу шарахь Соьлжа-гIалара араволучу заманчохь ("оьрсийн салтиша вийна иза а, тхуна иза стенгахь дIавоьллина ву а ца хаьа").

"1994-чу шарахь ракеташ еттачу хенахь чевнаш йира сан дена. ТIеман заманчохь со а, сан да дукха уьдуш лийлира федералан эскарийн зачисткех а, бомбанех а. ХIетахь лазийна сан да кхи метта ца веара. 2000-чу шарахь кхелхира иза, пехаш чохь хIоьан гериг а йолуш. Оха тIеман халонаш ловчу муьрехь, КадыровгIеран доьзал Оьрсийчоьнан букъ тIехьа бехара", - дуьйцу Абдурахмановс.

Ишта кхи дIа дуьйцу блогеро: "Кадыров Рамзанан воккхахволу ваша Зеламха велла 2004-чу шарахь наркотик дегIана совъяларан бахьанашца. Ткъа Зеламхан кIант велира некъан бохамехь. ХIунда аьлча, девешо бакъо еллера оцу кхиазхочунна республика мел ю машен хехка".

Блогеро билгалдаккхарехь, Кадыровн гергарчех цхьа а ца велла цу тIамехь. "Кадыров, хьан цхьа а ма ца вийна тIамо. Бакъду да вийра Оьрсийчоьно, делахь а иза а ца кхелхира тIеман заманахь. Шех хьаькам винначо вийра иза", - аьлла Абдурахмановс, ша тIамна дуьхьал хилар къаста а деш.

Айхьа къизаллаш лелийначийн гергарчеран хIусамашкахула чекхвала боху Кадыровга оппозиционеро, "Эстемирова йолчу а гIо".

"ХIара хилла тIом бахьана долуш ахьа хьайна хьал а, бахам а гулдина. ТIом ца баьллехь, хьайн дахарехь цкъа а хиндоцург гулдина ахь. Дуьненчуьрчу хьоладайн могIарехь ву хьо. Ткъа со сайн гергарчу нахах а, бахамах а хаьдда. Ахь муха боху соьга, нехан хIусамашкахула чекхвала, тIамах дерг хоьттуш? Тхо ду-кх тIом ца оьшурш, тхуна хаьа хIун дохьу шеца тIамо, амма хьуна ца хаьа. ХIунда аьлча, оцу тIамо хьо ирсе вина", - аьлла оппозицин блогеро.

Маршо Радионо яздира, Зазадоккху-беттан юьххьехь республикан парламентан спикеро Даудов Мохьмада Абдурахманов Тумсона чIир кхайкхорах. Ткъа байначу беттан тIаьххьарчу деношкахь блогеран гергарчара шайх дIахадийра Тумсо, нагахь цхьаммо иза вехь а, шаьш чIир кхайкхор яц олуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG