ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанерчу бизнесхоша гIалгIайн бахархошна 3 тонн хурманаш елла марха даста


ГIалгIайн гIоьналлин "Тешам" фонде 3 тонн хурманаш дIакхачийна Дагестанерчу бизнесхоша, безачу Рамадан баттахь таронаш йоцчу нахе марха дастийта аьлла. "Кавказ.Реалии" портале "Тешам" фрндо дийцарца, шайн цIераш йовзийта дуьхьал хилла бизнесхой.

"Цкъа делахь, марха дастийта аьлла, еана ю уьш, шолгIа делахь, шайн тхоьца вежараллин гергарло дуйла дIахаийта, тIаьххьарчу заманчохь вайна юкъахь хиламаш белахь а, стаг муьлххачу къомах хиларх, муьлхха мотт буьйцуш велахь а, тхо шун вежарий ду аьллачу ойланца дина совгIат ду и", - аьлла фондан векало.

Цо бахарехь, фондо хурманаш дIасайоькъур ю шайн тептарехь латточу 300 гIийла бохкучу доьзалашна, пхиппа кила а нисъеш.

Буха йиссинарш а, хи а маьждигашкахь а, урамашкахь марха даста хIусаме дIа ца кхаьчначарна а дIасаекъа хьесап дина фондан белхахоша. "Хьалхара Iалашо тахханехь кхочушйийр ю оха", - аьлла фондан векало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG