ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Протестхочун Погоров Ахьмадан цIийнах а хьоьвсина, цуьнан гергарнаш дIабигина


ГIалгIайн къоман Дуьненчуьрчу конгрессан куьйгалхо волчу Погоров Ахьмадан а, цуьнан гергарчийн а Карабулакерчу цIийнах хьоьвсина полисхой. ДIалаьцна Погоровн вешин ши кIант а, ваша а, хаамбо адвокато Беков Мохьмада. Байначу беттан 25-чохь дуьйна долийнера Погоровн а, цуьнан гергарчийн а хIусамех талламаш бар. Полисхой бахкале хьалха ша кхайкхамбинера ГIалгIайчоьнан Iедалшка, лецна латтош болу жигархой маьршабаха аьлла, билгалдаьккхина Погоровс. Охан-беттан 27-чохь федералан лехамашка веллера Погоров Ахьмад.

Адвокаташа Ахильгов Калойс а, Беков Мохьмада а бахарехь, лаца тарло Погоров, протестийн хьалханчаш дIабайа гIерта Iедалхой.

ПIераскандийнахь Карабулакехь талламаш дIахьочу заманчохь дIалаьцна Погоров Ахьмадан ваша а, вешин ши кIант Погоров Ислам а, Беслан а. Адвокато Бековс дийцарехь, уьш дIалецаран бахьанаш а, йа уьш стенга дIабигина а хууш дац цунна, яздо "Медиазонас".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG