ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн хилла хьехархо елла некъан бохамехь


"Русские дороги" портало некъан полицин информацина тIе а тевжина бинчу хаамца, Кубанехь некъан бохамехь елла Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хилла хьехархо. Интернет-хьостано яздарехь, Армавирна гергарчу "Кавказ" трасси тIехь пIераскандийнахь хилла и бохам.

"Toyota Highlander автомобилан урхалла ден 34 шо долу жимстаг Tata цIе йолчу йоккхачу машенна тIекхетта. Оцу меттигехь елла кроссовер тIехь хилла 74 шо долу хьехархо, Нохчийчоьнан хилла депутат Дерябина Вера.

Билгалдоккху, Дерябина Вера Нохчийчоьнан премьер-министр лаьттинчу, карарчу хенахь Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран хьехамча волчу Эдельгериев Абубакаран нана ю.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG