ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь ЛГБТ-н юкъаралхой хьийзор дитийтар тIедожийна Кремлна бакъонашларъярхоша


Нохчийчохь ЛГБТ-н юкъаралхошна Iедал тIаьахьадаьлла лелар талла а, таллий, бехкечарна таIзар дар тIедожош петици дIакхачийна Кремле Amnesty International бакъонашларъяран организацино. 280 эзар гергга стага куьйгъяздина документна, хаамбо бакъонашларъярхойн сайт тIехь. Гомофобица а, трансфобица а, биофобица а къийсам латточу дуьненаюкъарчу дийнахь лаам хилла шайн оьрсийн Iедалхошка кхайкхамбан аьлла, билгалдоккху организацино.

ПIераскандийнахь масийтта Европан шахьарашкарчу Оьрсийчоьнан векалташна хьалха акцеш дIаяьхьира. Amnesty International организацин жигархой Лондонехь гулдина куьйгаш оьрсийн дипломаташка дIадала гIоьртира, амма митингошна дуьхьал ара цхьа а ца ваьлла.

"Нийсо" аьллачу йозанца стелаIадан басаршкахь йолу шайн байракх яржийнера гулбеллачара векалтна хьалха, 40 роза тIе а дуьллуш. Церан жамIашца, Нохчийчохь тIаьххьара Iедалхоша ницкъбинчийн терахь ду иза.

Карарчу шеран Дечкен-баттахь Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано хааме даьккхира, Нохчийчохь репрессийн керла тулгIе йолийна гомосексуалашна дуьхьал аьлла.

Организацин зерашца, ГIуран-беттахь тIаьххьарчу деношкара схьа республикехь мел лахара а 40 зуда а, стаг а дIалаьцна хилла Iедалхоша. Царех, дийцарехь, ши стаг велла царна тIехь латтийна Iазапаш бахьана долуш. Нохчийчуьрчу Iедалхоша бакъ ца йо информаци.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG