ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Донецкехь тIом барна кхеле хIоттийна Чехин вахархо


2015-чу шарахь Донецкехь сепаратистийн могIарехь тIом бина ву аьлла, Чехин Пардубице гIалахь кхел йина чехийн эскархочунна Эшту Эрикна, хаамбо меттигерчу радиохь. Кхо шо тоьхна цунна тIаьхьа а тоттуш. И бохург ду, нагахь гергарчу 4 шерачохь Iедалхошца цуьнан проблемаш ца хилахь, хан набахтехь токхур йоцуш. Ишта тIеман чинах а ваьккхина иза.

Талламчаша къасторехь, 2015-чу шеран бIаьста Малхбалерчу Украине а вахана, дийнна баттахь "Донецкан халкъан республикан" цхьахдолчу декъехь декхарш кхочушдина ву иза. Фейсбукерчу шен аккаунтехь публикаци еш хилла цо, герз а карахь шен суьртийн. Украинан эскарша доладечу территорешна тIе тоьпаш еттачаьрца цхьана хилла а ву Эшту.

Терроризмна бехкевинчу Эштуна 12 шарера 20 шаре кхаччалц хан йогIура, амма прокуратурано таIзар кIеда хилийтар дехна, хIунда аьлча, Украинера даймахка юхавирзинчул тIаьхьа зуламаш ца деш, ша дикачу агIор гайтина цо аьлла. Ишта, кхело тергоне эцна бехкевечун жима бер хилар а.

ТIаьххьара шена дош делча Эштус аьлла: "Ас кхоазза ойла йина хира цига вахале, нагахь оцу некъо со кхелахойн гIишло чу кхачор вуйла хиънехь. Со зуламхо а вац, со нах байина а вац".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG