ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шелахь аьхка схьадоьллур долу маьждиг Европехь а доккхачех ду боху


Шела
Шела

20 эзар стаг чу а тарлуш, Европерчу маьждигашлахь уггар а доккханиг схьадоьллур ду Марсхьокху-беттан 23-чохь Шелахь аьлла, хаамбина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Ишта цо бахарехь, хьафизийн школа а йоьллур ю цу дийнахь.

"Кху шеран Марсхьокху-беттан 23-чохь маьждиг а, хьафизийн школа а йоьллур ю оха", - яздина Кадыровс шен "ВКонтактерчу" агIон тIехь. Маьждиг дина а даьлла, карарчу хенахь цуьнан гонахарчу территори тIера белхаш берзош бу белхахой.

"Шела къагийна ца Iаш, вайн республикехь уггар а хаза меттиг хилла дIахIуттур ю иза, оцу Iаламат йоккхачу комплексо тIеийзор бу шена дуьненчуьра туристаш", - билгалдоккху республикан урхалхочо.

5 гектар сов лаьтта тIехь дан долийра Шелара маьждиг, "Шали-Сити" комплексна гена доццуш. 2012-чу шеран ГIуран-баттахь болийра цу тIехь белхаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG