ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Погоров Ахьмадан гергарнаш дIахецна


Магасерчу протестийн акцешкахь дакъалацарна гIуда а тоьхна, протоколаш ца хIиттош цIа бахкийтина гIалгIайн къоман Дуьненчуьрчу конгрессан хьалханчан Погоров Ахьмадан ваша а, вешин ши кIант а. Маршо Радионо яздира пIераскандийнахь, Погоровн а, цуьнан гергарчийн а Карабулакерчу хIусамех хьовса баьхкинера полисхой аьлла.

ХIетахь дIалаьцнера цуьнан ваша а, вешин ши кIант а. ЦIийнах хьоьвсинера Погоров Ахьмадан байначу беттан 25-чохь а. Полисхой бахкале хьалха ша кхайкхамбинера ГIалгIайчоьнан Iедалшка, лецна латтош болу жигархой маьршабаха аьлла, билгалдаьккхина Погоровс. Охан-беттан 27-чохь федералан лехамашка веллера иза.

Жигархочун ваша Погоров Мохьмад а, вешин бераш – Исмаил а, Билан а Магасерчу чоьхьарчу гIуллакхийн урхалле вигинера. Билан оцу сохьта маьршаваьккхина хиллера,протокол а ца хIоттош, бIаьрса ледара хилар тидаме а эцна. Цунна тIаьххье арахецна Исмаил а. Протесташкахь хилла ву аьлла, 10 эзар сом гIуда а хьарчийна, дIавахийтина Погоров Мохьмада а.

Лецнарш берш маьрша хиларх хаамбина "Фортанга.ORG" хьостан Telegram-канало а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG